Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхІува йолчу цІарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгІаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха». Шун дегнаш Везачу Элана тІе юхадирзича, шун вежарех а, шун берех а уьш йийсаре бигначара къинхетам бийр бу. ТІаккха уьш кху махка юхабоьрзур бу, хІунда аьлча шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ма ву. Нагахь санна шу Цунна тІедерзахь, Иза шух дІавоьрзур вац». Амма Хьайн боккхачу къинхетамца Ахьа уьш массо а хІаллак а ца бира, уьш Ахьа дІа а ца тесира, хІунда аьлча Хьо дика а, къинхетаме а Дела ву! Веза Эла дика а, нийса а ву, вайн Дела къинхетаме ву. ТІаккха цо доІанна тІехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гІала, хІунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача.
Выбор основного перевода