Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. Амма пирІунан дог а чІагІдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хІуманаш а гойтур ду Ас. Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хІара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХІара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш, Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тІаьхьенна тІекхаччалц. ТІаккха Везачу Эло тхо Мисар-махкара арадехира Шен нуьцкъалчу куьйгаца, тІекховдийначу пхьаьрсаца, доккхачу къематца, инзаречу гІуллакхашца, тамашийначу билгалонашца. Исраилан халкъан бІаьргашна хьалха Мусас гайтинера сийлахь а, инзаре а хІуманаш, кхин цхьаммо а гайтина доцу.
Выбор основного перевода