Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Арнон-хин тогІин йистера йолчу ІаруІер-гІалара ГалІад-гІала дІакхаччалц йолу цхьа а гІала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала. Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тІера Хьермон-ломана тІекхаччалц долу хІара латта схьадаьккхира вай. (ЦІаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.) «ХІара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ІаруІер-гІалара дуьйна долу латта а, ГалІад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гІаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дІаелира.
Выбор основного перевода