Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тІехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а. Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. Везачу Элал веза цхьа а вац, Хьох тераниг дуьнен чохь а вац! Чхаро санна, адам Іалашдеш тхан Дела воцург цхьа а вац. Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург? Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург? Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а. Стигалш кхоьллина волу Веза Эла – Иза билггал Дела ву. Латта а кхоьллина, цунна кеп а елла, иза чІогІа латтийтира Цо. Эрна дитархьама ца кхоьллина Цо иза, тІехь адамаш дахийта иза кхоьллина Цо. Оцу Дала боху: «Со Веза Эла ву, кхин цхьа а дела вац, Со воцург. Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дІакховдаде. ГІуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КІелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац. Іийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хІара ду: „ЛадогІа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву! «Хаза эли Ахь», – элира жоьпана дуьхьал Іелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац.
Выбор основного перевода