Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, цигахь БаІал-ПаІор цІе йолчу цІунна Іамал ян буьйлабелира исраилхой. ТІаккха Веза Эла чІогІа дарвелира Исраилан халкъана. Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дІа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТІаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дІадоккхур ду». Мусас исраилхойн кхелахошка элира: «Шух хІораммо а шайна юкъара БаІал-ПаІор-цІунна Іамал ян буьйлабелларш байа». Юха, Муса а, дерриг а Исраилан халкъ а гуламан четарна чуволлучохь тийжаш лаьтташ долчу хенахь, царна массарна а гуш, цхьана исраилхочо маданхойх йолу цхьа зуда шен вежаршна ялийра. Шена и дерриг а гича, динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. Оцу исраилхочунна тІаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хІаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара. ТІаккха цара ПаІорехь волчу БаІал-цІунна Іибадат дарехь дакъалоцура, шайна чохь дахар доцучу харцделанашна даьхначу сагІанех хІума йоура. Шаьш лелориг бахьана долуш Дела оьгІазъоьхуьйтура цара, тІаккха царна тІе ун доьссира.
Выбор основного перевода