Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Іахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хІаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тІера иза дІаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цІе кхин ца яккхийта». Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. ТІаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхІуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Іамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхІуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай». Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гІуллакх аса Хьан кара дІаделла дела.
Выбор основного перевода