Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Хьуна Хьайна а го-кх и дерриг, сан Веза Эла! Хьалдолу Эла! Ма валахьа Хьо суна гена! Сама а валий, суна гІоьнна дІахІоттахьа. Сан Дела, сан Хьалдолу Эла, суна дуьхьалбевллачарна хьалхā бехказаваккхахьа со. ЛадогІахьа, Веза Эла, аса бохучуьнга, сан мостагІаша бохург дІахазахьа. Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тІера дІаяккхийтархьама.
Выбор основного перевода