13
Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьІІе дІасадаьхьира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хІаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгІачу Адар беттан кхойтталгІа де.