Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – зуламечу нахана Іожалла тІеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дІа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тІера! ХІунда хуьлу хьо хІаллак, Исраилан халкъ?“ ХІунда аьлча Шена везаш верг, таІзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тІеоьцуш волчу кІантана етта а етта Цо». Шаьш нисдеш долу таІзар ла, хІунда аьлча оцу таІзар даро гойту, Далла шу кІентий санна хетар. ХІунда аьлча дас нисдеш долу таІзар даза кІант хир а вуй? Ткъа массо а кІантана деш долу таІзар шуна деш дацахь, шу кІентий дац, шу къотІалгІадина бераш ду. Нагахь вайна таІзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чІогІа муьтІахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама? Вукхара шайна дика хетачу агІор кІезигчу ханна таІзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до. Карарчу хенахь муьлххачу а таІзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тІаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу.
Выбор основного перевода