Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
хІунда аьлча кІеззигчу ханна ду Цуьнан оьгІазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дІахІоттахь а, Іуьйранна самукъадалар хуьлу. Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгІаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу. Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира. КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.
Выбор основного перевода