Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ярми-ЯхІу цу цІийнан уггар бухарчу чоьнна чу воьллира, цу чохь дуккха хан а яьккхира цо. Цара Ярми-ЯхІу, схьа а лаьцна, гІаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кІентан Малки-ЯхІун гІунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхІу, машшаш а дихкина, цу гІунна чу охьавоссийтира. Цу гІунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхІу. Нагахь санна цхьана пайхамаро, машар хир бу аьлла, схьакхайкхош хилча, иза, баккъал Везачу Эло ваийтина пайхамар ву аьлла, тІелоцуш ца хилла, цо аьлларг кхочушхиллалц». ТІаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхІус Ярми-ЯхІун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра. ТІаккха, тІулг а беана, оран бертиг дІакъевлира. Ткъа паччахьо иза шен а, шен уллорчу куьйгалхойн а мухІарш тохарца дІакъевлира, цхьана а стеган Даниалх бина болу сацам хийца йиш ца хилийтархьама.
Выбор основного перевода