Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Оцу дийнахь марсбаьллачу хІордо ен гІовгІа санна лаьтта тІехь мостагІа гІергІаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дІакхоллур ю. Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тІе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тІебогІу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Іаьржачу боданехь лела. Со лаьтте дІахьаьжира: иза даьсса а, кегарин а дара. Со стигала хьалахьаьжира: ткъа цуьнан нур дацара. Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу.
Выбор основного перевода