Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Со жимма хьалатаьІІашехь, лом санна, тІаьхьаволу Хьо суна, Хьайн тамашийна ницкъ юха а суна дуьхьалбоккхуш. Сахиллалц хьоьжуш Іийра со, лоьмо санна, Цо кегйора сан даьІахкаш. Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цІеххьана, Іуьйренна тІера суьйре тІекхаччалц. ХІунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву, ткъа ЯхІудана къона лом санна хир ву. Со, уьш цеста а цистина, дІагІур ву, Аса уьш Сайца дІахьур бу. Цхьаммо а кІелхьарбохур бац уьш. И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна. Некъан йистехь кІелхиъна долу цІокъ санна, кечлур ву Со. КІорнех яьккхина ча санна, тІелетар ву Со царна. Шена чохь дог долу церан накха этІор бу Аса. Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса. Уьш цоьстур бу аренийн акхароша».
Выбор основного перевода