Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дІататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна. Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а, беркат Латториг а, бохам Бийриг а. Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хІуманаш. Везачу Эло иштта боху: «Айса цу халкъана бохамаш бина хиларе терра, Айса лур ду аьлла дика мел дерг царна дийр ду Ас. Коьман маІа локхур юй те гІалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гІалина бохам, Веза Эла воцучо тІебаийтина? Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хІумма а ца кхоьллина.
Выбор основного перевода