Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІунда ду те хьо сингаттаме, сан са, карзах хІунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгІуш хила, хІунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КІелхьарвоккхург волчу сайн Далла. Сан кийрарчу сино сагатдо, цундела суна Йордан-хин махкара а, Хьермон а, Мицхьар а лаьмнийн мехкашкара а дагаоьху Хьо. ХІунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хІунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгІуш хила, хІунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КІелхьарвоккхург волчу сайн Далла. Ярийн муттанца эдина чагІар дала гІоьртира уьш Цунна, амма Іийсас иза ца мелира.
Выбор основного перевода