Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цо со схьа-ма-лаьцна, ткъа иза суна дуьхьал тоьшалла ду. Сан гІора дайна хилар суна дуьхьалдаьлла, сох бехкаш а дохуш. Хазахетар а, самукъадалар а хазийтахьа суна, тІаккха Ахь кегйина даьІахкаш самукъадаьлла хир ю сан. Сахиллалц хьоьжуш Іийра со, лоьмо санна, Цо кегйора сан даьІахкаш. Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цІеххьана, Іуьйренна тІера суьйре тІекхаччалц. «Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьІІехула дІасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дІакхаьллина, тІаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьІахкаш аьтта».
Выбор основного перевода