Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Къинхетам бейша! Къинхетам бейша сох, сан доттагІий, сох хьакхаделларг Делан куьг ду! Со цкъа а ца хилла боьлуш, сакъоьруш болчу нахана юкъахь. Хьан куьйга кІелахь а Іаш, суна уллохь цхьа а вацара, ткъа нахана долчу эргІадвийларх Ахь вуьзира со. ХІунда бу те хІара лазам хедар боцу, хІунда ца йоьрзу те сан чов дІа? Веза Эла, Хьо соьца Іехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Іовраш санна хир ву? ХІунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара? Деган Іийжамаш, бохамаш бен суна гина хІумма а ма дац! Ткъа сан дахар юьхьІаьржачу хІоттарца чекхдер ду. ТІекхаьчна и де! ТІекхаьчна карзахдаларан зама! Бохаман рагІ тІекхаьчна. Харцоно заза даьккхина, куралла хьалакхиъна.
Выбор основного перевода