Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу. Веза Эла хьоьжуш ву Шех кхоьручаьрга а, Шегара болчу хедар боцучу безаме ладоьгІучаьрга а. Сан дегІ а, сан дог а ца мегачу даьллехь а, Дела – сан деган чІагІо а ю, абаденналц сан дакъа а ду. Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Выбор основного перевода