Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Сонта хиларо стеган некъ талхабо, амма шен даг чохь цо Дела бехкево. Хьайн чевнашна хІунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгІазло дІакхоьхьур ю, сан гІуллакх цхьалха а даьккхина, суна тІехь Цо кхел яллалц. ТІаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю. Хьайна уллохь волчун бІаьргара чамхалге хІунда хьоьжу хьо, хьайн бІаьргара хен а ца гуш? Делан кІентий долчу шуьга, шу иракарахІиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кІант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таІзарна гІайгІане а ма вожа. ХІунда аьлча Шена везаш верг, таІзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тІеоьцуш волчу кІантана етта а етта Цо».
Выбор основного перевода