Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
qac Лqac*еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна! Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Іаш волу стаг! Сан са Везачу Эле хьоьжу, ха деш берш Іуьйрене хьоьжучул сов, уьш Іуьйре тІекхачаре хьоьжучул сов. Цу дийнахь эр ду: «ХІара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кІелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кІелхьардахарна!» Сан са буьйсанна Хьо волчу гІерта, ткъа Іуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху. Хьан кхел лаьтта тІехь кхочушхилча, дуьнен тІехь бехачарна нийсо Іема. Веза Эла шуьга хьоьжуш ву, шух къинхетам бан лууш, Иза хьалаваьккхина лаьтташ ву, шуна диканиг дан лууш, хІунда аьлча Веза Эла нийсонан Дела ву. Декъал бу Цуьнга хьоьжуш берш. И хаам дІаязбе, хІунда аьлча Ас дІахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугІуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац.
Выбор основного перевода