Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ГалІадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хІунда ца тоделла те цаьрга? ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. qac Рqac*еза йоцуш йоьлху со, бІаьргаш бІаьрхих дуьзна сан. Вац со денъян цхьа а, тейийриг а вац-кха сан. Бераш ду сан дог доьхна, МостагІа шайл тоьлла дела». qac Лqac*едарадевлла-кх сан бІаьргаш, бІаьргех хиш охьадарна. Кийрахь мел дерг дегадо сан, дог карзахдаларна. Сайн синах а ваьлла со, дукха тийжаш хиларна. И дерриг а хилла суна, сан халкъ дохийна лелорна, Кегий бераш а, дакхош дерш а, мацалло эгийна, ГІалин урамашкахь Іохкуш хиларна. qac Тqac*ийналлица кхойкху Хьалдолчу Эле адамийн дегнаша. Тергам белаш хІинца аша, Цийонан йоІан пенаша, Дийнаххьий, буьйсанний, Іовраш санна, бІаьрхиш хьан оьхийла. Хьан синтем а ма хуьлийла, хьан бІаьргийн садаІар а ма хуьлийла.
Выбор основного перевода