Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». Буьйсанна сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогІу адамийн кІантах тера цхьаъ гира суна. ТІекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тІевигира. „Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц’“. Цу сохьта стигалахь Адамийн КІентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гІайгІане хир ду. Стигаларчу мархашна тІехула схьавогІуш Адамийн КІант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу. «ТІаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тІехула вогІу Адамийн КІант. Дауда забура тІехь ша ма-аллара: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агІор охьахаа, ТІаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тІехула вогІу Адамийн КІант“. Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агІор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла. КІант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цІандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агІор охьахиина Иза. Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агІор, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц»? Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагІа а даьккхина, Далла аьтту агІор охьахиъна, тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Іийсана тІе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жІара тІехь валар лайра, эхь тІе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хІинца Иза Делан паччахьан гІантана аьтту агІор, баьрччехь, хиъна Іаш ву. Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин! Со дІахьаьжча, суна кІайн марха гира. Цу мархина тІехь «адамийн кІантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тІехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара.
Выбор основного перевода