Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. Парушхой, вовшах а кхетта, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира. Цунна тІееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогІу, механа чІогІа деза долу даьтта хиъна Іаш волчу Іийсана коьрта тІе дитта йолаелира.
Выбор основного перевода