Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. Стага Везачу Элана хьалха, сагІа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агІор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тІаьхьа АхІаронан кІенташа, динан дайша, цу дийнатан цІий тоха деза кхерчан массо а агІор. «ХІунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза. Тешаме а волуш, Ас совгІат лур ду царна, гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца. Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цІийца чІагІбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дІабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу. Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан цІийнаца а, ЯхІудан цІийнаца а керла барт бен долу. Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза. ХІунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира, цундела со дІавирзина царна тІера, – боху Везачу Эло. Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тІехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а хьоьхур дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш. ХІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву. Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама. Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дІадаха Цо тІеэцна Іожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама. Нагахь весет делахь, иза диначун кхалхар а дІагайта дезаш ду, хІунда аьлча весет стаг веллачул тІаьхьа бен лелош дац. Иза бакъо йолуш дац, нагахь весет динарг дийна велахь. Цундела хьалха бина барт а цІийца чІагІбина бара. Товрат-хьехам тІера парзаш дерриг а халкъана хьалха дІа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цІий а, цІен тІаргІа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тІе цинцаш туьйхира Мусас. Цо элира: «Дала кхочушбе аьллачу бертан цІий ду хІара». Иштта Делан четарна а, Далла Іамал ечу хенахь мел лелочу пхьегІашна а тІе цІийн цинцаш туьйхира цо. Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хІума цІийца цІандеш ду, цІий ца Іанийча, гечдар ца хуьлу.
Выбор основного перевода