Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига. Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Іийсаца». Амма Кипас дІахадийра: «Суна ахь хІун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух». Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТІаккха нІаьна кхайкхира. Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХІара а ву царах цхьаъ», – элира уллохь хІиттина болчаьрга. Кипас юха а тІе ца лецира цо бохург. Жимма Іийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хІунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо». Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чІагІонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг». ХІеттахь шозлагІа а нІаьна кхайкхира. ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас шега аьлларг: «НІаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дІатосур ву Со». Кипа доггах вилхира. Іийсас жоп делира: «Хьайн са а дІалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НІаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо“».
Выбор основного перевода