Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цигара дІа а ваьлла, Іийса Бет-ХІине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо. Оцу гІалахь вон цІе йоккхуш, цхьа зуда яра, дукха къинош долуш. Іийса парушхо волчохь хьошалгІахь ву аьлла хезча, цига еара иза, мехалчу кхаби чохь хаза хьожа йогІуш долу, дегІан меженашна хьокху даьтта а дахьаш. Іийсана тІехьа, когашка дІа а хІоьттина, йоьлхуш, бІаьрхиш Цуьнан когаш тІе а Іенош, юха шен ехачу месашца уьш дІа а дохуш, Цуьнан когаш бакъа а беш, царах барташ бохура, царна тІе хаза хьожа йогІу даьтта дуьттура цо. И гина, Іийса хьошалгІа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Іуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла».
Выбор основного перевода