Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Юххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХІай! Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь дІахІоттош верг! Іийсас жоп делира царна: «Аш хІара Делан цІа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дІахІоттор ду иза», – аьлла. Іийсас элира цуьнга: «Тешалахь Сох, зуда. ТІейогІуш ю и зама, адамаша шаьш Дена до Іибадат я кху лам тІехь а, я Ярушалаймехь а дан ца дезаш. Амма тІейогІуш ю и зама, тІееана а яьлла иза, шаьш баккъалла а Дена Іибадат дечу наха, синца а, бакъдолчуьнца а Іибадат деш. ХІунда аьлча иштта Іибадат дийраш лоьху Шена Дас. Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Іийсас хІара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гІиллакхаш а хуьйцур ду“». Дала леррина Къобалвинарг веара, хІинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац).
Выбор основного перевода