Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тІехь массо а халкъан той хІоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагІар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагІар шира а, цІена а хир ду. Дерриге а халкъашна тІетесна йолу шаршу а, массо а къаьмнаш дІахьулдина долу кирхьа а дохийна дІадоккхур ду Цо цу лам тІехь. Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. Цу дийнахь эр ду: «ХІара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кІелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кІелхьардахарна!» Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло. «ТІаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тІехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дІахІуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац». «Цу дийнахь иштта хир ду: лаьмнаша чагІар охьаІенор ду, баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю, ЯхІуд-мехкан татолаш а хих дузур ду. Везачу Элан цІа чуьра шовда охьадогІур ду, ткъа цо Шитим-тогІина хи мийлор ду. Мисар-махках яьсса аре хир ю, ткъа Эдомах яссийна меттиг хир ю. Иза хир ду царна яхІудхошна цара ницкъ бар а, ЯхІуд-махкахь бехк боцучеран цІий Іанор а бахьана долуш. Ас царна бекхам бийр бу, хІинца а таІзар даза дисина цІий бахьанехь. Амма ЯхІуд-махкахь даим адамаш дехар ду, Ярушалаймехь а ехар ю тІаьхьенийн а тІаьхьенаш. Ткъа Веза Эла Цийон-лам тІехь вехаш хир ву».
Выбор основного перевода