Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ялх де даьлча, Іийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тІе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира. Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Іийсас Шеца. Іийсан цІе дикка массанхьа а яьржина хиларна, ХІарод-паччахьна а дІахезира Цунах лаьцна. Цхьаболчара Іийсах лаьцна: «Иза веллачуьра денвелла нах хих чекхбоху Яхьъя ву, цундела Цо инзаре хІуманаш до», – олура. Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоІан дений-нанний бен. Цул тІаьхьа, Іийса цІа чу ваьлча, Иза Ша волуш, мурдаша хаттар дира Цуьнга: «Тхоьга хІунда ца даккхаделира те и жин ара?» – аьлла. ГІала а баьхкина, уьш лакхарчу цІа чохь гулбелира. Векалийн цІераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Іандар, Пилап, ТІама, Барталамай, Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Якъубан кІант ЯхІуд, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг.
Выбор основного перевода