Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ур-атталла сан уггар дикачу доттагІчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. Ткъа сан мостагІа вац со емалвийриг – иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац – цунах-м со къайлавер вара. Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг – сан уллора доттагІа, со тешна Іаш верг. Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура, адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна Делан цІийнан керта а воьдура. Цу шийтта мурдан цІераш яра: дуьххьарлераниг – ШамІа, Кипа аьлла цІе тиллина волу. Цуьнан ваша Іандар, Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, Пилап, Барталамай, ТІама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, ШамІа (ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг), ЯхІуд-Искархо а, тІаьхьо Іийсана ямартло йина волу. ТІаккха ЯхІудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхІуд Іийсан шийтта векалх цхьаъ вара. Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькамашна а тІе а вахана, Іийса царна дІаваларх лаьцна къамел дира. Цо и элира ШамІа-Искархочун кІантах ЯхІудах лаьцна. ХІунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тІаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Іийсана.
Выбор основного перевода