12
Ярушалайм-гІалина дуьхьал тІом бинчу массо а халкъашна Везачу Эло тухур долу ун иштта хир ду: хІораннан а дегІ телхар ду, иза шен когаш тІехь лаьтташехь, цуьнан бІаьргаш телхар бу, бІаьргийн даьІахкашна юккъехь лаьтташехь, цуьнан мотт а багахь телхар бу.