Іийсас цуьнга элира: «Аса баккъалла а боху хьоьга: тховса нІаьна кхайкхале, Со кхузза дІатосур ву ахь».
ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нІаьна кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо».
Амма Іийсас элира: «Ас боху хьоьга, Кипа, тахана Іуьйранна нІаьна кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо, Со хьайна ца вевза аьлла».
Іийсас жоп делира: «Хьайн са а дІалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НІаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо“».