ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нІаьна кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо».
Іийсана гено тІаьхьа а хІоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гІуллакх деш болчаьрца цІарна хьалха вохлуш вара.