Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. ВорхІ бепиггий, чІерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дІадоькъура иза. Ткъа Іийсас и пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дІадийкъира. ТІаккха и ши чІара а массарна бийкъира Цо. ТІаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхІ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доІа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Іийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира Іийсас. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. ХІума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дІакховдо вуьйлира. ХІунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Іийсас, бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХІара Сан дегІ ду, шун дуьхьа дІалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама». Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш». Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна. Аса кхетам болчаьрга санна боху шуьга. Шаьш а ойла ел аша, аса бохург нийса ду я дац. Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цІийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегІаца вайн дакъалацар дийриг?
Выбор основного перевода