Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. Царах терра динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура: Цул тІаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Іийса. Цо дийцира Адамийн КІентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а тІе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь денвала везарх а. Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Іийса Делан цІийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Іелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тІе. Оцу сохьта, Іийсас и оллушехь, тІевеара ЯхІуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тІаьхьахІоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Іелам наха а, баккхийчара а. Сатосучу хенахь, Іуьйре тІеярца, динан коьртачу дайша а, Іелам наха а, ерриге а коьртачу кхеташонехь мел болчара а гулам бира. Оцу гуламо, сацам а бина, Іийса дІа а вихкина, Пулате дІавелира. Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву». ТІаьхьо, Іийса Делан цІийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тІебаьхкира динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а.
Выбор основного перевода