Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. ШамІа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КІант ву». чІогІа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хІун оьшу соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» Амма Іийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чІогІа цецвуьйлура. Іийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Іийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХІун оьшу Хьуна соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗІенашца дІа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дІавоьдура иза. «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», – бохура цара. Іийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац. Мартас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КІант а вуйла». Ткъа хІорш яздина Іийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КІант хиларх шу тешийтархьама а, тІаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цІарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.
Выбор основного перевода