15
Хино лестош болу эрз санна хилла, дІахІоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таІзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тІера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахІитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дІасадаржор ду иза.