Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хІордах довлалур дуй те шу?» Айса-Сайгара хІумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХІунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо». ХІунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву. Аша тІеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тІеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!» Ткъа хІинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КІентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Іийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» – бохуш.
Выбор основного перевода