Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Цуьнан гІуллакх харц къасторна, Иза дІаваьккхира. Амма Цуьнан тІаьхьенах лаьцна хьан ойла йора? Дийначеран лаьтта тІера дІаваьккхина вара Иза. Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира. Кхин дІа а Делан цІийнан кертахь хьехамаш беш Іийсас элира: «Іелам наха хІунда олу: „Дала леррина Къобалвинарг Даудан кІант ву“? Іийсас хІора дийнахь Делан цІийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а Іийса хІаллакван лууш бара. Дийнахь Іийсас Делан цІа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тІе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура. Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Іийсага. Іийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дІадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цІеношкахь я Делан цІа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хІумма а ца дуьйцура. Ахьа Соьга хІунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хІун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хІун аьлла».
Выбор основного перевода