Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ЦІеро ча дІакхаллар санна а, екъа буц цІеран алунашкахь дІаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дІасадер ду, хІунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дІатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш. Везачу Эло хІоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгІазаллин ницкъ гойтур бу Цо цІераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тІулгаш санна йолу къора тохарехула а, догІанаш даийтарехула а. Якъубан цІийнах цІе хир ю, Юсупан цІийнах цІеран алу хир ю, ткъа Іесаван цІийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТІаккха цхьа а дийна вуьсур вац Іесаван цІийнах». Иштта боху Везачу Эло. Цу цІазана тІехь, аьчка долуш санна, гІаьгІнаш дара. Церан тІемийн гІовгІа вуно дукха йолчу, тІаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гІудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра.
Выбор основного перевода