Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
„ТІаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хІуьттуш хир бу, ткъа баккхийнаш Делера долу гІенаш гуш хир бу. Сайн ялхошна тІе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Іаь тухур ю Аса цу деношкахь, тІаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду. Аса стигалан Іаьрчашкахь а, лаьтта тІехь а тамашийна хІуманаш гойтур ду: цІий, цІе, кІуьран мархаш. Везачу Элан сийлахь де тІекхачале малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду. Амма массо а Везачу Эле кхойкхуш верг кІелхьарвоккхур ву“. Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дІадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тІе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш». лакхара вайна тІе Делан Са доссийтталц. ТІаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю. Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю, ткъа дерриге а адамашна иза гур ю, хІунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза». Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. Ас шуна тІе цІена хин цинцаш деттар ду, тІаккха шайн мел йолчу боьхаллех цІан а лур ду шу. Шун массо а цІуйх Аса цІандийр ду шу. Ас кхин цкъа а царах Сайн юьхь къайлайоккхур яц, хІунда аьлча Ас Сайн Синан Іаь тухур ю Исраилан халкъана тІе». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Иза Цо элира Шех тешаш болчара тІеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хІинца а Делан Са дацара, хІунда аьлча Іийса Дас сийлалла даза вара. Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тІедоссарх, Ша леррина къобалвина волчу, вайн КІелхьардохург волчу Іийсагахула Дала шортонца тоьхна вайна Шен Синан Іаь.
Выбор основного перевода