Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
И ши турба лекхча, Делан четарна чуволучохь гуллур ду дерриг а халкъ. Шайн махкана тІелеттачу мостагІчунна дуьхьал тІамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТІаккха шайн Везачу Далла дагадогІур ду шу, Цо шу мостагІех кІелхьардохур ду. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. ЯхІуд-махкахь массарна а дІахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дІакхайкхаде: «Коьман маІа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дІаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чІагІйина йолчу гІаланашка дІагІур ду вай“. ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде? Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чІогІа сихделла а догІу. ЛадогІал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тІемалочо а цІогІа детташ ду! И де – оьгІазаллин де ду, гІайгІанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Іаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де, коьман маІа лекхаран а, тІеман цІогІа тохаран а де. ТІелатарш хир ду чІагІйинчу гІаланашна а, лекхачу бІаьвнашна а дуьхьал.
Выбор основного перевода