Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хало шайна тІееача, тІаьхьо и дерриг а шайна тІенисделча, шу шайн Везачу Далла тІедоьрзур а ду, Цо бохучуьнга аша ла а дугІур ду. Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тІедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дІабаха беза. Аша Іаштарт цІе йолчу далла бина болу цІуш дІабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тІедерза, Цунна цхьанна гІуллакх а де. ТІаккха Цо шу пІелаштамхойн баланех кІелхьардохур ду». Массо а исраилхой МицІпа-гІалахь схьагулбелира. Хи, схьа а оьцуш, Везачу Элана хьалха охьадуттура цара. Массо а цу дийнахь марха кхобуш вара. Цара бохура: «Везачу Элана хьалха оха къинош латийна». Шамъал МицІпа-гІалахь царна юкъахь кхел еш вара. Иштта боху Везачу Эло: «ТІедерза хьайна лаахь, Суна тІедерза, ва Исраилан халкъ. Массо а дегаза цІу Суна хьалхара дІаваккхал, кхидІа ца тилаяйттал, Иштта шу, Якъубан тІаьхьенах дерш, шайн Далла тІедерзийша! Безамца лелийша, нийсо лелаейша, шайн Деле даим сатийсийша!
Выбор основного перевода