Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара, тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара. Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара: «Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гІуллакхаш дина!» Сийлахь хІуманаш Везачу Эло тхан дуьхьа дина, цундела тхо сакъералуш дара. Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кІелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дІадигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІат а йохур ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац, Шаьш Іаббалц а юуш, дуьзна хир ду шу. Шайн Везачу Делан цІарна хастамаш бийр бу аша, шайна тІехь Цо инзаре гІуллакхаш дина дела. Сан халкъ кхин цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац.
Выбор основного перевода