Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Инзаре дукха цІоз тІелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цІоз я тІаьхьа а хир дац. Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу. qac Мqac*ассо а новкъахула тІехдовлурш, шуна иза хІумма а дац! БІаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш? Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна? Буй те иштта бала, суна белларг санна? Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна Ша оьгІазваханчу цу халчу дийнахь. Иза уллохь ду, Везачу Элан де. Кхоьлина хир ду и халкъашна гІайгІане долу де. ЛадогІа бохучуьнга, къаной! Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой! Хиллий те хІара саннарг шу я шун дай баьхначу деношкахь? Сан лаьтта тІе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цІазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш – стечу лоьман санна ю. Декъаза бу Везачу Элан де тІекхача луурш. Стенна оьшу шуна и де? Иза-м бода бай, серло яций. Серло а йоцуш, бода бац ткъа Везачу Элан и де? Іаьржа бода бу иза, цуьнца нур лепар дац.
Выбор основного перевода