Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ДоІанна тІехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргІат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу. Дагабахкийтахьа Хьан ялхой болу ИбрахІим а, Исхьакх а, Якъуб а. Ма хьежахьа хІокху халкъан аьрха хиларе, цуьнан Іесалле, цуьнан къиношка. Дехьа иштта, Ахь тхо арадаьхначу лаьтта тІехь бехачаьрга ца алийтархьама: ‘Везачу Эло дуьгийла а дацара и халкъ Ша лур ду аьллачу лаьтта тІе. Цо и халкъ Шена ца деза дела арадаьккхина, яьссачу аренгахь иза хІаллакдархьама’. Ткъа иза Хьан халкъ а, Хьан долахь дерг а ду, Ахь Хьайн ондачу ницкъаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а Мисар-махкара арадаьккхина долу“». Дийнаххьий, буьйсанний сайн бІаьрхих кхача хилира суна, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш, дийнахь сарралц мостагІаша соьга хоьтту. Сан даьІахкашкахь Іожаллин чов хиллал, сан мостагІашна со дола хета, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш, дийнахь сарралц цара соьга хоьтту. Тхан лулахошка емалдайта дІадели Ахь тхо. Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а, сийсаздахарна а дІадели Ахь тхо. ХІинца, тхан Веза Дела, кІелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгах, тІаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла». ТІаккха Цо со Везачу Элан цІийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеІаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цІийнан лабанний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цІенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дІайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара. Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦІеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦІеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ. Сан мостагІчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьІаьржачу хІуттур ву. Сан бІаьргаш Іебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича. Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тІехулара дикка цІандо, амма чухулара уьш бІаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хІуманах дуьзна ду.
Выбор основного перевода