Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хІокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дІакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХІан-хІа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а». Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а. Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дІакховдаде. ГІуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КІелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дІа а хІоттор ю. ХІан-хІа, Сайн оьгІазе дералла кхочушйийр яц Аса, Сайна хетарг хуьйцур дац Аса, Эпрайман халкъ хІаллакдийр дац. Со – Дела ма ву, Со адам ма дац. Хьуна юкъахь Со Везаниг ма ву! Дераллица вогІур вац Со. «ТІаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тІехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дІахІуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац».
Выбор основного перевода