Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Аш ког мел баьккхина латта шун хир ду. Яьссачу аренгара Ливанун-махкана тІекхаччалц, Эпрат-хина тІера Дуьненаюккъерачу хІорда тІе кхаччалц хир ду шун дозанаш. Церан байинарш дІасакхиссина хир бу, церан декъашна тІера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цІийно. Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тІехъоьхур бу. Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гІанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахІиттор ду. ГІалин пенашна а, иштта ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашна а тІелетар ду уьш. ЦІазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг шолгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг кхоалгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг йоьалгІачу арданго чекхдоккхура. Сан лаьтта тІе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цІазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш – стечу лоьман санна ю. Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тІедаийтира. Шун кегий нах туьраца хІаллакбора Ас, дой йийсаре дІа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерІуьргашка еттайолуьйтура. ТІаккха а Суна тІе ца дирзира шу», – боху Везачу Эло. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а.
Выбор основного перевода