Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ас Сайн нийсо улло схьаеана – иза генахь яц. Ас лун долу кІелхьардовлар хьелур дац. Цийонна кІелхьардовлар лур ду Ас, Исраилан халкъана Сайн сийлалла лур ю». «Цийонна а, зулам лелорна тІера дІайирзинчу Якъубан тІаьхьенах болчарна а ПаргІатбохург вогІур ву, – боху Везачу Эло. – Ткъа кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь хир ду. И лам, еза меттиг а хилла, дІахІуттур бу. Якъубан цІийно шена бакъонца догІуш долу латта тІаьхьалонна доладоккхур ду. Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц. Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хІокху дисинчу халкъана дІалур ду. Ткъа ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХІордан гІум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кІелхьардер дац. Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХІорра а, Везачу Элан цІе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кІелхьарвоккхур ву».
Выбор основного перевода