Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тІе а гІой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дІакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта. Лома тІера чу а воьссина, нах базбира Мусас. Цара шайн хІуманаш йиттира. Цо халкъе элира: «КхозлагІчу денна кийча а хила, шайн зударшна улло а ма гІо». Веза Эла волчу Суна улло богІу динан дай а тІехь шаьш-шайн базбина хила беза, Соьга шаьш лаза ца байта». «Нагахь санна цхьаммо зуда ялийна дукха хан яцахь, иза тІаме ваха а ца веза, цхьа а хІума цунна тІедилла а ца деза. Иза цхьана шарахь паргІат шен цІахь вита, шен зудчун самукъа а доккхуш. Везачу Элана хьалха лаьтташ бара яхІудхойн берриге а божарий шайн карарчу берашца а, зударшца а, улло даьхначу берашца а. Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кІант санна, араболу малх а, къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш. Зудчуьнца дІавижаран а шен хан ю, цунах цакхетаран а шен хан ю. Стагана мараэккхаран а шен хан ю, цунах къехкаран а шен хан ю. «ДІакхайкхаде иза кхечу къаьмнашна юкъахь: „ТІамана кечам бе, иракарахІиттабе доьналла долу эскархой, дуьхьалбовлийта массо а тІемалой. Вовшашца бинчу бартаца шаьш доІа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тІаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама.
Выбор основного перевода